Бакъдерг вай соне табийча
И даош неца барстийча,
Исбаьхьчун 1еха батийча
Яхь-юьхьан хьоста лакъийча
Вай мича кхочур ду-теша?
Там-товраш баьрчче а даьхна
Сонталлин марахь а даьхна
Бехдарна вешан туш,--лахьта,
Къиноша ваьш г1ибадаьхча,
Байттамал дазлурий-теша?
2
Дависа хьан, оьмар, йоца!
Жималло до-кх хьуна къола,
Г1еметтало а дац дола,
Къаналла йоккху ахь хьолах.
Юхаяран тарлац-кх оьмар--
Вехаш-1аш, хьиегначийн ж1омар!
Ахь к1ело ма йелахь, жолам,
Ма-моьтту ца нислахь кхоллам.
Свидетельство о публикации №114062602508