Вай дацара

Вай дацара

Хаьнт1е куьг х1иттадеш

"Нохчий ду!"-- баьхнарш?..

Зиераша къовзийча

Ца лиеткъан

Доьналла эшнарш?


Вай дацара

"1асанца кеманаш

Чуэгон" хьуьнар

Кхайкхийнарш?

Блокпостийн

Б1обано чехадеш,

Нахдоцчу даха

Хьийзийнарш?

2

--Дара дера!

Вай ду-кх

И дерриг лайна

Чекхдоьвлларш...

--Ткъа х1инца

Дац-теша декъала хила

Хьакъхилларш..?

3

Орцахо эшначохь,

Ца гойтуш ша воьхна,

Къомалла даьккхина

Законийн бухт1е,

Халонийн к1охцалшна

Некхан ваз д1аоьхьна,

Виссиншехь юьхьдуьхьал

Дарцана дуькъачу,

Кархдаьлча Ахьмадан

Зуламийн логашад хадо,

Субъектийн нийсархо

Хилла д1ах1оьттира

НОХЧИЙЧОЬ-ДАРХО...

4

Ткъа х1инца,

Г1уллакхийн шедакхаж

Шен буйнахь къуьйлуш,

Цуьнан к1анта

Кхойкху вай декъалчу декъе.

Хир бу ца моьттинчу хийцамийн

Зилашка дуьйлуш,

Г1улч маьрша юьсийла

Вайн,

Юьхьарлаьцначу некъахь!

...Моьттучар х1оранна маршбат1а беза,

И бузуш жигара къахьиега деза-кх.



.


Рецензии