Делар-кха со... на чеченском

Сан хьоме езар,
Сан деган безам!
Делар-кха со леча,
Ша т1омахь лелаш,
Хьо йолчу, хьан 1уьйре
Декъал ян кхача!

Делар-ка со хьоза,
Ша илли ва олуш,
Хьан корехь 1уьйранна,
Хьан дог ва оьцуш,
Хаза сайн иллеш ас эра ма-дара,
Сайн мерза безам хьоьга кхийда ва беш!

Делар-кха со мерзачу
Безаман шовда,
Хьан ц1ийха ва кхетна,
Хьан ойла лаьцна,
Мерзачу сайн безаман
Чам хьуна бовзийта,
Хьан кийрара жима дог
Сан безамах дузийта,
Хьан хазачу б1аьргин нур
Сан безамца лиэпийта!


Ссылка на моем сайте: http://www.askhab.ru/delar-kha-so.html


Рецензии