1ожалло мара къевлина ваьккхи

"Сан Дада"
         
             /памяти Р.А.Ахтаханова посвящается/


1ожалло мара къевлина ваьккхи хьо сох, сан Дада!
Б1аьрахиш къуьйлуш, хьуна сагатдеш д1ауьду зама
Хьайн йовхо кховдош, волахьа тховса хьо суна г1енах
Хьан велавалар, хьан б1аьргийн серло яц кхи дуьненахь.

Дикалла йоцург х1у бахьна даьлла хадо хьан дахар?
Ма дассий суна х1ара Нана- Дуьне къизачу наха.
Хьан рицкъа хадош дуненахь басадаьккхи сан дахар.
"Сан йо1, ахь нийсо ларъелахь"- ала вац хьо, сан Дада.

Ма к1еззиг хилла маьлха дуьненахь ехна ахь зама,
Хьан ц1ена ойла, хьан деган илли хеназа хаьдда.
Марзонаш херло, дагчуьра-м вер вац хьо суна цкъаъа,
Ма дохко яьлла хьан мах ца хууш, йийларна гена.

Хьан деган седа д1абайча йоккха хила сан дезна,
Хьан деган орам хадийначунна- цуннаъ ву Дела...
Къинхетам бойла, Дала геч дойла, декъал хьо хила,
Делаца къийсса йиш яц хьо тахна...Алхьамдулиллах1!
 
                Азман Джабраилова
                ноябрь 2013г.


Рецензии
Как жаль, что "языка" не знаю,
Но Джабраилова, узнал!

Виктор Тетерин 2   25.01.2016 22:43     Заявить о нарушении
На это произведение написано 8 рецензий, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.