Гуьйре
Х1аваэхь айдина, ловзадо г1аш.
Бос байна, цхардоьлла, хебаршка дахна,
Тахана шайн гаьннех д1ахаьдда уьш.
Цкъа мархех кескаш еш, уьш юха гулйеш,
Лаьттана кхоош, малх йийсаре лаьцна.
Къиекъачу стиглара дог1анаш 1енош,
Даимма ма ярра, гуьйре схьакхаьчна.
Г1ийла шайн тийжамаш 1енабеш лаьтта,
Шайн т1емех терачу мархех д1аийна,
Шайна бен цабевза некъ юьхьарлаьцна.
Къилбехьа д1аоьху г1ург1езийн жатташ,
Ишттачу мокхачу гуьйренан дийнахь
Сингаттам совбаьлча, са акха долий
Г1ург1езийн асанна т1аьхьа а х1уттий
Д1адоьду, стигланан тийналле долий.
Азман Джабраилова
2007
Свидетельство о публикации №113083010207
Сингаттам совбаьлча, са акха долий
Г1ург1езийн асанна т1аьхьа а х1уттий.
Д1адоьду, стигланан тийналле долий,
х1ара васт къаьсттина хаза ду хьан, Аза..
дика язйина ю байт..гуьйренан синх1оттам бу цуьнца буьцина)
Дала аьтто бойла хьан, хьайн дахарехь а кхолараллехь а.
Ларамца,
Марти Тамия 11.10.2013 18:15 Заявить о нарушении
Ахьа мах хадор деза ду суна, Дала саг1а дойла хьан тамехь дешнаш!
Хьуна а лойла Дала аьтто!
Хьо лоруш йолу Азман.
Аза Атагинская 12.10.2013 23:22 Заявить о нарушении