Нана

Нана, хьо сан хьоме нана,
Сан дагтlера зезаг дара хьо.
Бакъдуьнена хьо дlа кхелхичхьана
Маргlал доьлла деган зезаг сан.

Нана, ахьа, хьоме нана,
Дуьне, дахар суна марздира.
Гергарлонаш лара, мостагl вовза,
Гlиллакхех ца йоха lамийра.

Уьйр- марзонаш ларъяр кхуьйлуш,
Адамийн къелла ялхайора ахь.
Пlераска ма дита сагlа доцуш,-
Олий, хьехарш хийла дора ахь.

Мазал мерза мотт ахь суна белла...
И хьан  хьехарш цкъа а дицдийр дац.
Ахь сан ирсан ага техкош, гlийла
Баьхна назма лерера ер  яц


Рецензии
Иштта олуш а ду вайн халкъалахь: "Нана д1айаьлча, доьзалхочун даг т1ера зезаг охьадужу". Болчарна, могуш а, маьрша а болуш, дуккха бахабойла дай-наной; бакъдуьнена бирзинарш - Дала декъалбойла!

Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   23.07.2023 17:45     Заявить о нарушении
Амийн йа Аллах1!
Наной болчарна Дала дукха бахабойла!
Ларамца.

Аза Атагинская   17.05.2024 10:28   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 4 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.