Биллийтахь, Нана, корта хьайн кара...

Къовлийтахь, Нана, хьуо доггах мара.
Биллийтахь соьга корта хьайн кара....
Хьажт1е куьг хьокхуш, бераллехь санна,
Хьайн хаза туьйра дийцахьа, Нана.

Суна ахь схьаделла  дахаран 1илма.
Оьздаллех, г1иллакхех кхетам а белла
Дуненах ца кхера со ахьа 1амий.
Кхерч ларар, сий лардар хийла  ахь кхийли.

Замано месаш т1е  дато йисс  йилли,
Ца кхоош юьхьсибат хебаршца кхели..
Со йоккха мел хили,  жималлех хьо йолу,
Хьо къежлуш, хьо къанлуш соьга ца лало

Доьзале ша тайпа  безам бу ненан,.
Дуй техьа дуненахь и оза терза.
Кхолламо сох а йи доьзалан нана,
Ницкъ кхочур буй-те сан хила хьох тера?!

Къовлийтахь, Нана, хьуо доггах мара.
Биллийтахь, Нана, корта хьайн кара....
Баккхийтахь ховхачу куьйгашна барт.
Хьан дог ца дохо ду сан нигат!

Азман Джабраилова
            1993г

          


Рецензии
Аза,ненах лаьцна йазйинарг поэм ю хьа м.Хьай эсал,кьинхетаме дог гойти ахь кху дешнашца. Дел рез хийл хьун.

Роза Дахаева   16.12.2015 09:50     Заявить о нарушении
Роза
Роза, мел яздарх к1ордор дац Ненах лаьцна дерг.
Массарна а хуьлийла Дела реза!

Аза Атагинская   21.12.2015 19:01   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 3 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.