Грознега

Ло ду дог1уш тийна…
Седарчий хьийзадо
Г1айг1а лаьтта йижна
К1адйо аьхналло…
Х1унда йоьлху набарх
Грозный лазош чевнаш,
Шелбалаза бода
Т1ебижина тхевнаш?...

Х1инца шок ца етта
Т1ехла шокъалеша,
Довхачу цу дашца
Х1оъ дагах ца кхета.
Ас  са х1унда гатдо
Дериг дуьне дижча,
Я хала лов техьа
Лайн пух1ана г1абли?...

Тийна дог1у ло…
Овкъарш кегош т1еман,
Ц1енош го г1орийна,
Декъий санна шийла…
Царна-м яц хьо набарх
Йоьлхуш хьайн лазамца,
Д1ахьовсош бодашка
1уьйрре дог1у денош?...

Ца оьшу,ма елха!
1а делахь а шийла
Хьан узам бу 1адош
Тийналла ят1ийна…
Сан ю тоъал йовхо
Хьан дог,са а дохдан.
Х1ай, сан хьоме Грозный,
Ма елха набарха!...


Рецензии