Ша шеха кхоллало поэзин йоза..

Б1арлаг1ан аренаш кхоамза ягийна,
Есачу г1айг1ана сатийсам хадийна,
Д1ахецна синтеме ца хилла уьйраш,
Д1аоьху г1енаш 1уьйрено луьйсуш.

Цкъа хьалха йовзанза хиллачу пана,
Кхевдинчу куьйгана, йист йоцу ана,
Ц1еначу серлонца, чкъурах чекх юьйлу,
Седарчийн шабар лерсино туьду.

Дуьненан замано шен болар сецадо,
Шалхонийн пардо тешамо дожадо,
Кхузахь чекхдолу лазаман доза,
Ша шеха кхоллало поезин йоза.


Рецензии
Бакъ нохчо йу, Дала аьтту бойла хьан кхид1а а иштта хаза произведениш кхолла. Ларамца Лика.

Элита Гилянинская   07.09.2012 23:03     Заявить о нарушении
Лика, Дела реза хуьлда хьуна.
Хазахийти суна, хьо хьошалг1а йеана)
Ларамца.

Марти Тамия   10.09.2012 16:52   Заявить о нарушении
amin
jux -juxa mel jishi dikog khetash marzex' xeta suon x'a deshnash Tami

Дашо Аргунская   14.01.2014 14:47   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.