Роза Агоева. Агоев Темурана...

Тахана, гIайгIано хьийзаеш,
Йисна сан ойланаш йийсарехь.
ТIепаза хьо вайча дуьйна схьа,
ГIортор дIаяьлла, ю гIийла со.

Дахар а дакъошка дели сан –
Хьо волий, хьо воций геригаш.
И бала цкъа охьатаса-кха,
Гуьйрено гIа дIа ма-тассара.

Чучча некъ хьийзабеш, хIилланца,
Къайллаха баьхьна, дIабилла-кха,
Дорцала бедарх дIаолла я,
Луьра ха хIоттош, чуболла я…

Битна и эрна сахьийзамаш,
Бала ас кхобур бу йийсарехь,
Сайн дагалецамийн къаьхьа гIан
Дала ца тигахь а тIаьхьара.

Царех дIакъехкаш, садиттина,
ГIелъелла ойланаш, хIиттина.
Цу гIайгIа-балина хьаамбеш,
ГIаттахьа, малик, цхьа хаам беш.

(ГIебартойн маттера)


Рецензии
Хаза болх бина ахь, сан воккхах волу ваша!!

Ваха Докаев Шалавдиевич   31.05.2012 03:26     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда хьуна, Ваха!
Шалавдига - доккха маршалла ло! Мало эшийна ма-велли, и волчу кхочур ву со, Дала мукъ лахь!

Адам Ахматукаев   07.06.2012 16:13   Заявить о нарушении