***

Йоккха Атаг1а.


Ма еза суна сайн Йоккха Атаг1а,
Ма дукха безасайн атаг1ой,
Кхозлаха школа еза сайн доггах,
Ма дукха беза цуьнан дешархой.

Хьехархой беза суна 1аламат,
Шамсатин Хьамзат, Ахьмадин Бирлант,
Адланан Мовлад, Абдуллин Джунид,
Иштта д1а кхин бераш-сан деган дитт.

Ма хаза хан яра ишколехь яхнарг,
Ма хьоме бу суна сайца дешнарш,
И шайоллу урок ю дагахь, мел хилларг
Царах а йоккхур ю цхьа хаза йиш.

И Дела реза хуьлда шуна,хьехархой,
Ма дукха деза шу сан дагна,
И Дела реза хуьлда, сан атаг1ой,
Шун г1иллакх сан дагчохь ду тахана.


Рецензии