Ма ала на чеченском

Ма ала, сан безам гIан ду,
Ма ала, со цунна ца еза.
Кхин некъаш соь кхида ма де,
Вон дешнашца сан дог Iийжа ма де.

Гой шуна, стиглахь богу сирла седа?
Сан безаман нур и ду.
Йиш яц сан кхин вовза ян веза -
Дог цхьанна дIаделла ду.

Сан сирла ойланаш яржа ма е,
Ала соьга довха, хаза дош.
Мокхаза тарх хилла сан безам хIуттур бу,
Хир бац и бохо цхьанне а ницIкъ.


Рецензии