Дашо Аргунская

вай ду олхазарш
ижунах хьаьгна олхазарш
хаддаза етташ з1ок
стом- неха синош
эт1ош деган дилха
дера
царна лазам..ткъа вайна
бендоцуш хьежар
г1ийлачу б1аьргийн
1инчохь
делхаза дицинчу хино
чахчийна
кхоьллинчу 1аьржа
бодане
ткъа зама д1аоьху
тарйелла дахарах
т1ехюьйлу
люьстуш синош
къинош лехьош
з1ок етташ
х1орамо цхьацца
т1аккха
ц1еххьана къаьста
цахилар адаман дог


Рецензии
Х1ара Дашон стих вукха маттахь ешнера ас.
Дика болх бу ахьа бинарг!!!

Аза Атагинская   24.10.2013 22:13     Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.