ТIом хиллачу арахь

Зезагаш хьийкъина – со тIех ца валало,
КIайн даккхаш!.. – даго ца вуьту тIехвала.
Билггал сох къинош хьарчор ду аларо
Кху меттехь: «Ма хаза ду-кха хьо, Iалам!»

Цундела дIатийна, ойланаш хьирчина,
Кху лаьттан со бIаьра хьаьжначохь сецна.
ХIаъ, кхузахь хилла и уггаре ирчаниг;
Эзарнаш адамаш лаьтто дIаэцна.

Хетало, гуьнахь а доцу со бехкевеш,
Зезагаш, кIайн даккхаш хилла, дIо гIевтти –
Дуьнен чу бовланза бисина мехкарий,
Дуьнен чу бовланза бисина кIентий.

ХIун эр ас царах? – Уьш цхьанне ца бевзина,
Уьш соьца ирс долуш тарлора кхиа.
Ас церан аматаш кхуллур ду безамна,
Сайн даг чохь мукъане уьш бахийта жимма.

1985


Рецензии
Ассалм 1алайкум, Шарип! Ц1авирзина 1ен аьтто ца хуьлу сан цкъачунна. Ц1ахь таьххьарчу деъа шарахь школехь болх бинера аса, Валаргт1ехь. Цара элементарно чохь 1ен чоь ца карош, школана чохь чоь а нисъйина 1ийра со. Цул т1аьхьа 1 шарахь Москвахь д1атарвеллера. Москвара ц1авеъначу хенахь, Зорбанан ц1енна хьалха, гира войшиъ. Х1инца Хабаровске кхаьчна со, кхузахь мел хир ву-м ца хаьа суна.
Суна-м хьо х1окху аг1онна т1ехь вуй а ца хаьара. Ч1ог1а самукъадолуш хьаьжи со хьан байташка. Зезагаш хьийкъина - со т1ех ца валало... тематика ас ойла йина ю, цундела улло хеташ т1еийцира аса. Зезагаш-синош, синош дуьненчохь дац, ткъа зезагаш церан векалаш хилла дуьненчохь ду!
Дала аьтто бойла хьан, Шарип!
Лерамца, Вахит Хаджимурадов.
PS Сан аг1о дукхаха ериг Проза.ру техь ю.

Вахит Хаджимурадов   12.12.2013 07:04     Заявить о нарушении