Ма-луъу ца хилча, олу ма-торру

Ма-луъу ца хилча, олу ма-торру.
Аьрхачу амало-м и къобал ца до.
Цундела аса хьо лоьху, Мадонна,
Мадонна, хьох цкъа а ца хер ло сан дог.

Хазалла ша-шеха ца хуьлу хаза,
Цхьаннан цу хазаллин тидам ца хилча,
«Хьо хаза ю!» – боху юх-юха аса,
И гина, и хиъна со ву ткъа ирча?!

Мадонна, Маьлх-Аьзни цхьа цIе ас ларахь,
Вац шуна цIераш тIехь галвьлла, воьхна,
Мадонна – нохчийн кIайн гIабали йоьхна
Шовданан коьртехь ас ларйийр ю сарахь.

Хьо йогIуш – со бен вац хьо малхах тарлуш,
Хьо йоьдуш – со бен вац хьо баттах тарлуш.
Дакъаз со ца воккхуш йоцчу таронна,
Ялахьа сан долаялий, Мадонна!

1985


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →