Сан ойланехь, дагалецамехь

Сан ойланехь, дагалецамехь
Даьгна девли вайна юккъехь хилларш.
Нагахь диснехь къинош суна тIехь,
Гечде суна, суна бехк ма билла.

Даьгна дерриг! ЦIарах йисна юкъ.
Йовхо, серло хераяьлла цунна.
Сан къиношна бехкениг хьо ю-кх –
Гечде суна, бехк ма билла суна.

ХIун хир дара суна хала ган
Хьан беснеш тIе эгначу бIаьрхил а?
Иза аса лорур ду сайн къа –
Гечде суна, суна бехк ма билла.

Ирча хилар – къинойн амат, юьхь,
Шийла хилар – сих хьаьрчина гIайгIа,
Хаьа суна, хьуна хуур дуй,
Амма вац со цунах там беш сайна.

Кху дуьнен чохь ша мел хилларг хIинццалц
Цкъа мацца а хено кхачош ду.
Гечде суна, суна бехк ма билла –
Сан къиношна бехкениг хьо ю.


Рецензии