Тийналлин мукъаме дуьйлу

Тийналлин мукъаме дуьйлу,
Ахбеттан зIаьнарша дуьйцу.
ХIара ду буьйсанан туьйра,
Я ю и туьйране буьйса.

Долушдерг, вайн хиндерг, хилларг
Бен хетац, дага ца туьйсу.
Самукъан бохь иштта хилла-кх –
ХIара ю туьйране буьйса.

Со бIозза лийр хилча, амма
Цкъа иштта ирс кхачахь буйна,
Вайн дахар эрна дац данне –
ХIара ду буьйсанан туьйра.

Сахуьлуш дог дIа ца туьй сан,
И дог ду, и муха туьйр ду,
Чекхйолуш туьйране буьйса,
Чекхдолуш буьйсанан туьйра?

Хастам бо, хастам бо хьуна,
ХIай, буьйса, дахаран меха.
Цкъа юхаерзахьа суна,
Ас эр ду: «Со шозза веха!»


Рецензии