Беттан серло

«ХIай, беттан серло, беттан серло», –
Ширъелла романс дагалоьцу.
Берриге хьох дIауьду, херло.
Массара свето-музыка лоьху.

ХIай, беттан серло, беттан серло!
Модера яьлла, цхьалха йисна.
Сан нанас кхерчахь йина сискал,
Хьо санна, миска ю-кха, миска.

ХIай беттан серло, беттан серло,
Безам а, хьох дIабедда, байна –
Хьоьгахь ца гина цунна пайда.
Квартирехь цунна меттиг тайна.

ХIай, беттан серло, беттан серло,
Хьан гIайгIа суна дика евза:
АтталгIа кIеза – берзан кIеза,
Дац хIинца хьуна угIа реза.

ХIай, беттан серло, беттан серло,
Берриге хIинца хьох дIахерло,
Амма ас доьху: хьо ма гIелло –
Ширделларг мацца хир ду керла.

ХIай, беттан серло, беттан серло,
Со цхьаъ ву хьоьца. Аса хьоьца
Ширъелла романс дагалоьцу:
«ХIай, беттан серло, беттан серло...»

1985


Рецензии
Х1у хир ду беттан серлонал хаза?
Малх санна, Дала кхоьлли бутт беза.
Ширделла довр ду модера даьлларг,
И серло-м 1енар ю бус-буса лаьтта.

Бехк ма биллалахь, Шарип, экспромт кхоллаяларна!
Х1ара хьан болх хаза хетар бахьана хир ду-кха!

Дала аьтту бойла хьан хьайн кхоллараллехь.
Ларамца. Азман.

Аза Атагинская   10.12.2013 20:56     Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.