Теша со на чеченском

Теша со, 1аьнан чилла
Яхлур ца хиларах,
Б1аьстено шен бакъо
Схьаоьцур хиларах,
Вай къастаран чеккхе
Т1екхочуш хиларах.
Марша ва хьо! -
Ас хьоьга эр ду.
Эхь хетарца лаьтта
Б1аьра а хьоьжуш -
Ган дог1на хилла - кх
Вай вовшашна.
Ма деха оьхура и деса денош
Хьо суна юххехь воцуш,
Доггах хьан б1аьра
Хьажа йиш йоцуш,
Хьан аз лерехь хезийла доцуш. -
Х1етахь эр ду
Дагахь мел 1аь1нарг.
Хазахетарца деттало дог -
Кийрахь сеца а ца луш,
Б1арлаг1а хилла
Хьо юха а варна кхоьруш.
Т1къа х1инца арахь
Ду шийла 1а.
Хьан васт иэсахь лардеш,
Хьоьца хьарчина
Лаьтта сан ойланаш,
Хьоьгара косташ лардеш
Деха оьху суна денош.


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →