Дохадар

1уьйренца лар лоьхуш,
Суьйренца ладоьг1уш,
Хийрачу цу махкахь
Синтеман 1аьцк боцуш,
Баьргийн нур г1елделла
Ойланаш тишъелла
Даймахке сатуьйсуш
Хийла хан д1аяьлла..

Шелоно шелдина, Мацалло къардина,
Кхойта шарахь лайначу балано г1елдина,
Шайн ц1ийнах къастийна, бахамах ларча йина,
Муьлхачу бахьанна шу ц1ера дохийна?!

Вокха ву, жима ву аьллаъ ца хьаьстина,
Веллариг д1аволла меттиг ца къастина,
Шел ирча хир боцу,шийла некъ баьстина,
Муьлхачу бахьанна шу хилла дохийна?!

1ожалло вигнариг ирсан да хеталуш,
Баьпкан юьхк  кховдина Бер тиэдан йиш йоцуш,
Даймахке юхадерза бакъонех хедадеш,
шу ц1ера дохадан дацар-кха бахьанаш.

Шу Дела лай хилар цадийзи керистана,
Шайн мехка дай хилар цадийзи керистана,
Дохийна, дайина д1адаха барт бина,
Кхи доцуш бахьанаш хилла шу дохийна.

Доьналла тоьий шун, собарах ца духуш,
Ямарта буьйцина машанаш д1абостуш,
Къам дохо бина барт, шайн куьйга бохабеш
Шайн махка юхадерза, Дела ц1е айаеш.


Рецензии
Bай духурам дaц , Дала мокълахь.
Баркалла, Амнат.

Дашо Аргунская   22.01.2012 13:22     Заявить о нарушении
Дала мукълахь!))

Амнат Мартанхо   22.01.2012 15:10   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.