Къора узамаш
Лайна къам дуй те?!
Хьа санна къонахий,
Кхин къаьмнийн буй те?!
Къаьмнаш цу Дала зуьйш,
Хьо билггал къастий те?!
Хьан меттиг эхартахь,
Шатайпа хир юй те?!
Нохчийн къам, кхин д1а а,
Хьо иштта лаьттар те?!
Кхианза, баханза,
Хьан къонахий иэгар те?!
Мискачу наношна,
Парг1ато гур яц те?!
Буоберийн б1аьрхишца,
Тийжаш хьо дуьсур те?!
Нохчийн къам, цахаьа,
Ас хьуна х1ун де те?!
Къахиете елха те,
Ирс хиете кхарда те?!
Хьан къома салаьцнарг,
Бекхамза вуьсур те?!
Замана йохалла,
Къийсамаш лаьттар те?!
Свидетельство о публикации №111122400804
Б1аьргех хи доккхуш я хьан байт, Амнат!
Баркалла хьуна!
Ларамца.
Аза Атагинская 24.12.2013 15:11 Заявить о нарушении