Г1айг1ане буьйсанаш

Тийна лаьтта 1аьржа буьйса,
Седа лачкъий мархано.
Йохош буьйса хьан тийналла,
Вота етта дог1ано.

Корехь богу г1ийла ч1урам,
Сонехь 1индаг1 х1иттало.
Сингаттамо тесна орам,
Нанас б1аьрхиш 1енадо.

Ларйо нанас х1ора буьйса,
Деле доьхуш ларво цо,
Бехке воцуш вигна буьрса,
Доьнза  вайна доьзалхо.

Коре хьоьжуш б1аьрзе хилла,
Куьйгаш хьала ийадо.
Деле доьхуш хьере хилла,
Б1аьрхиш лаьтта ледадо.

К1анте хьоьжуш ойла тилла,
Хийла буьйса нанас хьо,
Къинхетамах б1аьргаш дуьзна,
Везачу Деле кхойкху цо.

Веза Дела, доьху аса,
К1ента вуон соь цалало.
Хьайн кхиелана реза хила,
иман, собар суна ло.

Бехке воцуш доьза вайна,
И сан жима доьзалхо,
Ц1ехьа верзавехьа, Дела,
Бохуш зама ларйо цо.

Хийла нана йисна тахна,
До1анашца тийса са.
Ц1ехьа верзавехьа Дела,
Х1ора ненан хьоме к1ант!


Рецензии
Амина, таьхь мел йоьшург хьалха ешначул хаза хеташ йийши ас хьан байташ..ч1ог1а дагах кхеташ дешнаш ду..
Дела реза хуьлда.

Марти Тамия   30.12.2011 16:31     Заявить о нарушении
Дела реза хьуна хуьлда!)

Амнат Мартанхо   30.12.2011 18:05   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.