Мел долу аматаш

Мел долу аматаш тIаьххьарчу сибате кхаччалца,
Листича ца карош Iиндаг1- шен дегIах дисина
Цхьанхьа ца хиларо вохийна, кхерамо лаццал
Иэсах ка йетташ, хиларан тоьшалла лийхира.

Хи хилла, мох хилла, беце я лаьтте вирзина
Йист йоцу дозанал дехьа цо йаькххира ша.
Дуьненан массо агIонан шорталле дирзина,
Аналлин мотт буьйцу Iаламо Iабийра шех.


Рецензии
Xaz deshnash du.

Дашо Аргунская   07.03.2012 15:38     Заявить о нарушении

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →