БIаьсте

ХIай бIаьсте! Хьоьца ву гуттар а,
Ца ло хьох сан кийра буза.
Хьо суна нур сирла бутт бара
Кхоьлинчу ойланийн буса.

Къарбала кечбелча сатийсам,
Я тишлуш сан дегайовхо,
Цу къинах со вира ахь лийча,
Ахь тиларх ларвира новкъахь.

Цундела ас баьхна: «Марша я!»
Гурахь а кхайкхина хьоьга,
Ткъа зама, сан зама, – маржа-яI! –
Соьга ца хоьттуш, дIайоьду.

Сан ирсан сахьташ а ду генахь,
Ас хIунда кхойкху хьоь тIаккха?
Цхьа де бен ца даккхахь дуьненахь,
Лаьа-кха и хьоьца даккха.


Рецензии
Чулацам бу .къоргара рифма ю

Мутуш Танов   02.03.2012 13:04     Заявить о нарушении

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →