Дозалла до аса

Сий ду и!
Дозалла до аса цунах–
Iаьржачу, Каспийн а хIордашна юккъехь
Дижначу ширачу сийлахьчу лаьттахь
Со нохчийн доьзалехь дуьнен чу ваьлла.

Хир вуй-те, со санна, Нохчийчоь езнарг?
Хир вуй-те, со санна, нохчех дог лезнарг?
Делахь а, цкъа хьалха къам дуьйцучул а,
«Со адам ду» бохург деза ду суна.

Цундела йоьгIначу оьмарал хье ца луш,
Кху лаьттан нанас со шен кийра эцале,
Лууш ву со лаьттан кIант хилла ваха,
Дерриге вайн лаьттан кIант хилла ваха.


Рецензии