Мел хьежарх, хьежа ца деш кIорда

Мел хьежарх, хьежа ца деш кIорда,
И сийна стигал санна, кIорга,
Тохара доьлхуш гина бIаьргаш
Доьлуш ду хIинца, сох а кхаьрдаш.

И шераш хьуна хилла лоьраш,
И шераш дирзи, хьо сол тоьлуш…
Къайле кхин йоккха яц кху белхан-
Хьо йоьлхуш, хилла дела воьлуш,
Хьо йоьлуш хIинца, деза велха.


Рецензии