Маьлха-аьзни

ПетIамат зезаг а, даьллехь и хеназа,
КIур байна цIе санна, довр ду-кха дарцехь.
Хеназчу безамо вити со декъаза,
Стиглане кхевдина сан ойла харцош.

Дуьне ца хеттера суна сел инзаре,
Йиш хилча вайн дуьне туьйранах тардан:
Мацах цкъа къийсина элан йоI ГIизларехь
Хьо хилча, хьан йоккху тIаккха гур дара-кх.

Лаамаш мерцина, деган суйх ша бина,
Вехар ву, хьан новкъахь ца хуьлуш очакх.
Хуур ду, хуур ду кхул тIаьхьа Шарипна
Дикано вуьтуш а хиллий стаг вочохь.

Сатийсарш,  сатийсарш – къоркхокхийн тобанаш
Со цхьалха витина, дIаяхна хIинца.
Сайн синан лазамах яздина могIанаш
Экамчу хьан дагах кхетаза дисна.

ХIара илли кхайкхам бу дагчуьрчу сан аьзнийн,
Аьрхалла цо суна ца юьту хийра. –
ХIун де ас, хIун де ас, ломара Маьлх-Аьзни,
Аьрзунан сайн амал ас муха хийца?!


Рецензии