Райком Дадашев. Поэт а, цуьнан Дуьне а

Нохчийн поэзи езар бен, иза Iилманца талла гIерта а, йийцаре ян  а сайн корматалла хеташ вац со. Цундела аса яздийриг нохчийн литература езаш волчу стеган Цуруев Шарипан поэзех кхоллаелла ойланаш ю. Вуьшта хIокху тIаьххьарчу масех шарахь ша Шарип балха тIехь уллера вовзар нисделла сан. ЦIена дог-ойла йолуш, комаьрша волуш, куралла йоцуш, шен Даймохк а, къам а, дашна кхайкхош доцуш, барам боцуш дукха дезаш, царах дог лозуш, вуьззина нохчийн кIант ву Шарип. Цуьнца дац шалха хабарш а, шалхонаш лелор а. Цуьнан синлехамаш, ойланаш  сирла а, цIена а ю. Иза накъостел къаста гIерташ, хьалхенаш къуьйсуш, нахана ког туьйсучарах вац. Цунна тоьшалла до Цуруев Шарипан кхолларалло а. Ткъа иза уггаре дика тоьшалла хета суна.
Поэтан кхолларалла, бакъволчу поэтан кхолларалла, дерриг цхьа Дуьне ду – цуьнан лаамийн, синмарзонийн, синлехамийн, халахетарийн, хазахетарийн Дуьне. Иза поэто ша шен ойланашкахь кхоьллина Дуьне ду. Иза – цунна хетарш, луурш чулоцуш, цуьнан синмехаллех, синбIарлагIех кхоьллина, веккъа иза бен да воцуш, ша хаъал хилчахьана цо кхиийна, лардина ДУЬНЕ ду. Цхьаволчу поэтан Дуьне чIогIа къиэн-миска, цхьа а басарш доцуш хуьлу (иштаниг поэт ву ала шеконе хеташ). Амма бакъволчу поэтан Дуьне Iаламат хаза, тайп-тайпа беснаш долуш, кIорггерчу ойланех, синлехамех, синлаамех, синмаршонах, къонахаллах, адамаллах дуьззина хуьлу. И Дуьне кхоллла гIертарх кхоллалуш дац. Иза поэта, шен син таронашка хьаьжжина, шегахь кхиийна, хаздина, тодина хуьлуш ду. Иштта кхоьллина йоцу стихаш, ритм, рифма, хаза дешнаш, нисбина могIнаш хилча а, мел ешарх, ешархочунна цхьа а тIеIатIкьам бар доцуш, цхьа чохь садоцуш хуьлу. Цуруев Шарипан поэзехь къарцавеллачунна наггахь рифмица, ритмаца цхьацца кхачамбацарш каро там бу, цхьацца, М.-С. Гадаевс ма-аллара, тIе «мотт хьакханзий», кхоччуш тIехь къахьегна йовланзий меттигаш хила мега. Амма и лакхахь йийцина, дагах ца кхеташ, чохь са доцуш стихотворени я язбархьама язбина могIанаш карор бац Шарипан поэзехь. Цо шен дог догуш, шен кийрахь кхоччуш Iаьткъинарг бен ца яздаран билгало ю иза. Доцца аьлча, шен исбаьхьа, шен поэтически Дуьне кхолла ницкъ кхаьчна цуьнан… Иза бакъволчу поэтан билгало ю.

* * *
Исбаьхьаллин вастийн, басарийн шорто хилла ца Iаш, цуьнан стихаш тIехь вайна къеггина гуш ю иштта цуьнан граждански позици а. Иза шен къоман, шен мехкан кIант хилар ду. Къам халчохь хилча – Шарип халчохь ву, къомехь бала хилча – иза а балехь ву. Даймахка бала боьссича, иза юстах сецна вац. Иштта киртиг тIекхаьчча, «бIарзвелла, лоьху цо некъаш…». Иза тешна ву:

Вайн иэхь-бехк, вайн сийлахь гIиллакхаш,
Вайн яхь а, вайн оьзда мотт а,
Ларбеллехь, ларлур ма хилла-кха
Вайн синош, вайн нохчийн мохк а…
(«Вайн иэхь-бехк, вайн сийлахь гIиллакхаш…», 2000 шо)

Мехкан массо а бохург санна хаамийн гIирсашкахь нохчий бехбеш, нохчашна луьйш, дуьнен тIехь мел долу вониг нохчашна тIетоьттуш, Нохчийчохь дIабоьдуш къиза тIом болчу муьрехь поэто яздо:

КIиллоша йоьхки хьо шайнех,
ЦIубдарша муьйлу хьан цIий.
Хьо бехъярх эхь доцчу лайша,
Нохчийчоь, довр дац хьан сий.

Хьан чевнаш дебачу дийнахь,
Хьан лазар чагIделча некхехь,
Нохчийчоь, сан Даймохк сийлахь,
Со ву хьан кхолламан декъехь.

ЧIагIлуш хьан балин йозалла,
Цхьаъ ду-кха сан дагна томехь –
Хастам бо, хастам бо Далла…
Кхолларна сан нохчийн къомах.
    (Нохчийчоь, 2000 шо)

Цо шен поэзехь, ала догIург дIаолуш, билгалбоху иштта, къомана ямарт болуш, шайн хьашташ хьалхадаьхна лелаш болу цIена боцу нах а – «доьшина суждадеш писдоьлла кIезий». Цунна даима хийра ду, шена цхьа аьтто лоьхуш, хьаькамашна хьаставелла, диканиг хила гIертар.
Кхин цхьа башхалла а хета суна Шарипан кхоллараллехь. Цо дешархо ца кхоаво, цо дешархочунна кхета атта хилийта гIерташ, шен стихийн кIорггерачу философина иэшам ца бо. Иза чIогIа мехала хета суна – цо дешархой къахьега а, кIорггера поэзи йовза а, цунах кхета а Iамабо дела.

– Лаьхьанах сан когех хьаьрчина харцо,
ЦIубдарах са муьйлуш, тIелетта бала,–
Ах,  буьйса, и муха дицдойту, ала…
Ахь муха кхуллу цу къаьхьаллехь марзо?
(«ХIай, буьйса…», 1993 шо)

Ойланаш, кхоьллинарш батто,
Ойланаш, шу мича йоьлху?
Ас шуна гIийла сагатдо,
Со шуна тIаьхьа-м ца воьлху.

* * *
Со велча, дуьне дуьсур дуй-те? –
Со-м цуьнан жима цинц бен бац…
Сан дагчохь цинц бен ма дац дуьне –
Со велча, и а дуьсур дац.

Цуруевн оцу могIанийн, ишттта  кхечу стихийн ойлаяр дешархочунна дуьту аса…
Шен башхаллаш йолуш, шен хотIаца кхечу поэтийн кхол­ларех къаъсташ ю авторан безаман лирика. Нохчийн гIил­лакхах ца вухуш, кIорггера юьйцу цо шен цIенчу безаман керла агIонаш, гIийла аз декош хозуьйту автора шен деган, бе­заман мукъам. Цунна цхьатерра исбаьхьаьллица гайта хаьа, тешнабехко ницкъ бина, гIаддайна хьийза дог а, безамо тIемаш делла, Iаьршашка хьийза ойла а. Цунах лаьцна цо ша дика аьлла:

– Бекаш бу, бекаш бу цхьа мерза-гIайгIане мукъам,
Ахь серладаьккхинчу син мерзаш тIехь лоькху мукъам…

Шарипан поэзехь кIорггера философи ю, цо чолхе хаттарш хIиттош, царна жоьпаш лоьху. Лакхахь ма-аллара, иза дешархочун тIегIан тIе вала ца гIерта. Цо дешархо шен лаккхарчу тIегIан тIе хьалавуьгу:

– ХIара дуьне лаьттар ду хьуна,
Ду моттарх цхьанне а доцуш…
ХIара дахар хаттар ду хьуна,
Шена жоп каро йиш йоцуш.
(«Ма леха, цкъа а ма леха…», 1993 шо)

Юха а, М.-С. Гадаевс ма-аллара, воьлхуш язйинчу стихотворенеша бен ешархо велхор вац. Шарипан кIеззиг яц иштта шен сагатдеш, доьлхуш, декаш долчу сина кхача лоьхуш, иза хьоьстуш, даггара язйина стихаш.
Шарипан еккъа цхьана стихаотворенино лаьцна сайн кхоллаелла ойланаш йовзийта хьожур ву со кхузахь.
Иза ю сан бIаьргах хи даьккхинарг – «Коша тIе буц ели – ма гена ели хьо, баба» боху стихотворени. Со-м нах болчохь и еша хIуттур вацара, айса уьш кхардорна кхоьруш. Иштта стиховоренеш тIехь кхиийна кегийраш шайн баккхийчеран, дай-нанойн, йиша-вешин бала боцуш хуьлийла дац, аьлла хета суна.
…Кхузахь къеггина хьалхахIуьтту вайна нохчийн ярташкара суьрташ – декъа чIийш лехьо бераш, хьаьаш йоттуш куьрк, берашна туьйранаш дуьйцу баба. Цецбевлла, цуьнга ладоьгIу бераш. Цхьа а совнаха дош доцуш, ма-дарра шен даг чохь хIоьттина хьал гайтина авторо. Вайна къеггина гуш ду-кха, цо тезетахь мел хала садиттина хилла, ша висча цо дагна елла паргIато а. Соьга хаьттича, кхин дика гойтийла яц бабех (я кхечу гергарчу адамах) хаьддачу кIентан дог-ойла.
Баба оцу стихотворени тIехь  денана, ненанана ю. Бакъду, суна-м цо сайн нана дагатосуьйту. Денана, ненанана сайна ца гина дела хир ду-кха иза. Царах хьаннах къаьстича, кхоллаяла йиш йолчу дог-ойланан сурт ду авторо исбаьхьаллин говзаллица хIоттийнарг:

– Баба, со-м тезетахь латта ма-веззара лаьттира хьуна,
Цу Деле гIо доьхуш собарах доьхна дог хьулдан…
Амма дIадирзича, хьо юьжуш хиллачу вахна,
Маьхьарца делха а маршо ас елира дагна,
Баба, сан баба…

КIоргера ойла йойтуш, хIоранна а (цу хене ваьллачуннна) тIенислур йолуш дахаран киртиг ю авторо оццул говза гайтинарг. Ша елла тезет и хилча а, яхь йолчу бабина шен кIант (кIентан я йоьIан кIант) «латта ма-веззара», велха а ца воьлхуш, стогаллица латта луур дуй хаьа авторна. Цундела цунна луург деш ву иза тезетахь а. Амма и баба дIаерзийна, иза Iийначу вахча хуьлуш йолу дог-ойла, хIуттуш долу хьал шена и тIехIоьттиначунна бен хуур дац. Гендарганара цхьана воккхачу стага Габиса эли бахара, шен нана еллачу тезетахь воьлхучуьра ша саца ца велча: « Нах, шех кхарда ма кхардалаш, шен елларг нана ю шуна. Нана елларг шех кхетар ву, ца елларг – иза елча, кхетар ву», – аьлла. Кхузахь догIуш хета суна и дешнаш.
Цуруев Шарипа тIаьххьарчу итт-пхийтта шарахь язйина стихаш а, «ГIуртан поэма» а цуьнан кхоллараллехь керла тIегIа хилла ца Iаш, ерриг нохчийн литературехь кхиам бу, аьлла хета суна. Даймахках, къомах, адамех, адамо дуьнен чохь йоккхучу заманах, дуккха а кхидолчух йолу поэтан философски  ойланаш, хьежамаш дуккха а кIаргбелла, ирбелла тIаьххьарчу шерашкахь. Иза хила тарло воккха хиларца,  чолхечу дахарехь зеделларг  алсамдаларца доьзна. Амма, цхьа а шеко йоцуш, «Зама», «Ворда», «Сий долчу Нохчийчоьне»,  «Сийлахь нохчалла», «Цхьа хан хилла-кх йогIуш…», «Ма хила веза-кх…», «Айми чохь, гу болчохь керчар ца лагIдеш…», «ДIадаккха, тIетоха доцуш…», «ХIинца а шайн сено ца яйна зезагаш…» и. дI. кх. а стихаш онда тоьшалла ду поэтан синан а, исбаьхьаллин говзаллин а кхиаран. Царна тIе тидам а бахийтина, вайн литературин говзанчаша, таллам а беш, шайн дош ала хьакъ ду царах, аьлла хета суна.
ТIаьххьарчу стихотворенешкара цхьа масех масал дало лаьа суна кхузахь:

ХIара дуьне – авгол бу
Декхарийн, дезарийн,
Цхьа а тIе ца кхуьуш,
Цхьа а ца Iемаш.

ХIара дуьне – тептар ду,
Цхьаммо а дешанза,
Юкъ-кара бIаьрг кхетча,
Девзина моьттуш.

ХIара дуьне – хьесап ду,
Цу Делан тешамца,
Имане вирзинчо
Эрна ца хоьттуш…

(…)Цхьаъ бен дац леха хьакъ –
ЦIенчу син паргIато,
Цхьаъ бен дац деха хьакъ –
Цу Деле гечдар.
(«ХIинца а шайн сено ца яйна  зезагаш…», 2008 шо)

Зама а йоьзна хуьлу адмийн амалх,
Харш доккхуш шена, доьду ломан хи.
КIиллоша кхуллу шайга тера зама,
Къонахийн зама кхуллурш –  къонахий…
  («Зама», 2008 шо)

(…)Дисахь, сох хIун дуьсу?
Дитахь, ас хIун дуьту?–
Сох ца кхетта дуьне,
Со ца кхетта дуьне…
(«Цхьа хан хилла-кх йогIуш…», 2002–2009 шш.)

Суна хетарехь, адаман  дуьнен тIехь хиларан хьокъехь вуно кIоргера ойланаш ю уьш, цхьана-шина дашца олуш хилча, «дахаран философи» эр дара ас царах. Поэтан цхьацца йолчу стихашкахь, афоризмаш санна, шаьш къаьстина баха йиш а йолуш, вуно маьIне могIанаш а нисло. Масала:

«КIеззиг мел дезнарг – кIеззиг ма лезна…»,

«…Бен а яц къонахошна цхьа а зама –
Заманна даим оьшу къонахий»,

«…Нохчалла нохчашна – стогаллин доза», и. дI. кх. а.

Цуруев Шарипан дуккха а стихаш иллешка а йирзина. Уьш дIаолу махкахь бевзаш болчу артисташа – Цураев Iаьрбис, Кагерманова Раисас, Ташаева Марема, Шаипова Элинас, Эльдарханов Ахьмада, кхечара а, цхьацца вокально-инструментальни тобанаша а. Шарипа иштта кхиамца къахьоьгу публицистикехь а, литуратурни критикехь а, гочдаран гIуллакхехь а. Нохчийн бевзаш болчу яздархойн С. Бадуевн, М.-С. Гадаевн, С. Курумован, М. Бексултановн, Ш. Рашидовн, М. Ахмадовн, I. Кусаевн, Л. Абдуллаевн, кхечеран а кхоллараллех лаьцна а, нохчийн маттах, махкахь долчу хьолах лаьцна а дуккха а дика статьяш язйина цо. Нохчийн литература, фольклор йовзарехь а, нохчиийн къоман амалан башхаллаш талларехь а чIогIа мехала ю уьш. Суна къаьсттина тайра Шарипан «Маршонах маьрша ойланаш» цIе йолу статья. Цу тIехь автора (суна хууш, вайн исторехь дуьххьара) талла юьхьарлаьцнарг ю нохчийн кхетамехь маршо боху категори. Дуккха а Iилманан тайп-тайпана материалаш йоьшуш, толлуш, къахьегначул тIаьхьа, язйина статья ю иза. Шена хьалха хIоттийна хаттар схьадостуш, дуьнен тIехь бевзаш болчу баккхийчу философийн белхаш тIе экскурс а йо Шарипа, цул тIаьхьа маршонах болу нохчийн нехан хьежамаш а, кхетам а бовзуьйтуш. Мехала ю оцу балха тIехь автора нохчийн маттахь дуьххьара юкъайохуш йолу философски терминаш а. Амма оцу а, кхечу а статьях лаьцна ша къаьсттина къамел хила деза, ткъа вай кхузахь юьйцург Шарипан поэзи ю. Къилбаседа Кавказан цIеяххана бевзаш болчу поэтийн Р. Гамзатовн, Д. Кугультиновн, Ю. Кузнецовн, Ф. Алиеван, Б. Магомедовн, кхечеран а стихаш нохчийн матте йохуш, гочдархочун похIма а билгалдаьлла Шарипан.

* * *
Цхьа а шеко йоцуш, Цуруев Шарипан кхоларалло  йоккха меттиг дIалоцу нохчийн литературехь. Тахана Нохчийчохь уггаре бевзаш болчу поэтех цхьаъ ву иза. Кхоллараллехь шен къаьстина болчу исбаьхьаллин а, философски а лехамийн новкъа схьавогIуш ву Шарип. Цуьнан а, вайн кхечу яздархойн а кхоллараллин, хьакъ болу мах а хадош, вайн литературоведаша, критикаша кIорггера талламаш бийр бу заманан йохалла, аьлла хета суна. Ас кхузахь Цуруев Шарипан поэзех лаьцна сайна хетарг яздина.
Суна доггах теша лаьа Цуруев Шарипа тIейогIучу заманчохь литературехь керлачу кхиамашца вайна хийлаза хазахетар дийриг хиларх. Дала аьтто бойла хьан, Шарип, ахь юьхьарлаьцначу халачу, амма къомана оьшучу беркатечу новкъахь.
               
Дадашев Райком,
Нохчийн Республикан Iилманийн академин вице-президент, академик, физико-математикийн Iилманийн доктор, профессор.


Рецензии