Сан марзонаш

ХIара сурт сан ден ду,
ХIара ду сан ненан.
ХIокху тIехь со церан
Лекъаш дина бер ду.

ХIокху тIехь со, ненан
Куьйгаш дIа а хецна,
Когаваха Iемаш,
ВогIавелла лаьтта.

ХIокху тIехь со суьлхьа
Доккхуш Iачу дега
Хоьттуш ву, сайн муьлха
Ламаз ду дан дезарг.

ХIокху тIехь со, ирсе
Хила Iемаш царех,
Хьоьжуш ву хийистехь
ЙоI дуьхьала яре.

Пхьоьханарчу наха
Шайн цатемаш балхош,
ДIо чубузу малх а
Кешнийн керта лахло…

ХIара чурт сан ден ду,
ХIара ду сан ненан.
Сан марзонаш хеда
Дуьне, хьо ма къен ду.


Рецензии
Сайн ширачу суьрташка хьажа лаам хили-кха х1ара стих ешча.
Дала декъал бойла д1акхелхинарш
Ларамца.

Аза Атагинская   09.10.2013 20:57     Заявить о нарушении
Амин! Дела реза хуьлда!

Адам Ахматукаев   11.10.2013 17:07   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.