Акхтаргаш доьлху

Чубузу малх баьржа геналлехь,
ЦIийелла ахстигла, ахлатта,
Довзазчу дахаран сеналлехь
Акхтаргаш доьлхуш ду, акхтаргаш.

Шу хIунда доьлху, сан хьоменаш?
Син хьеший, сан лозу суьйренаш
Лазаме ю-те шун дегнашна?
Дитийша сан деган хьолехь аш
Со бахьнехь мел хилларш, дитийша!

…Сан безам малхана къежнера,
Ткъа хIинца доьлхуш ду акхтаргаш,
Ткъа хIинца го царна генара:
Безаман бIаьргашна тIехула,
Хьийзаш ю бос Iаьржа хьаргIанаш.

Чубузу малх баьржа геналлехь,
Сийначу генаша мехашлахь
Узаме бекабо мукъамаш.
…Акхтаргаш доьлхуш ду, акхтаргаш


Рецензии