Хьо маре яхана

«Куй баьгна!» – бохуш соь,
ДIахIитти накъостий, доттагIий.
Куй бац-кха баьгна берг,
Дог даьгна, сан дилхан дог ду и.
Хьо нехан кирхьи кIел…
Ойланехь хIуьтту сурт дуьхьала,
Кхолламан къинхетам боцу сурт –
И гар лан ду хала.

Амма сайн вон ойла
Ас даг чохь хIаллакйо тахана,
Мел хала хетташехь,
Со-м хьуна оьгIаз ца вахана,
Вай вовшийн дезнера! –
Ирс цул а суна кхин доккха дац.
И ду сан кхолламехь хьох дисна…
Цхьаммо дIадоккхур дац!


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →