ЦIаверзар

ХIай ирс-яI! Кхочуш ву со гезлойн ара а,
Цхьажимма гIаш некъ бан беза…
Реза ву со кхузахь лан муьлхха бала а,
Вала а кхузахь ву реза.

Седарчий мархашлахь левчкъина, къуй санна,
Цхьаъ беди, стигал еш къарз а.
Карзахе хетало Iалам кху буьйсанна,
Яьсси-хи угIуш ду барзах.

ДIате, хIай Яьсси! Сан тайпа ду кхузара,
Хьаша вац – да ву кху арахь.
Со воцуш кхузахь малх муха чубузура?
Батто сагатдорий, ала?

ХIай мехаш! Бехк биллац ас, со ца вовзарна,
Хьекхалаш, амма ма дицде:
ХIара мохк цхьаммо а ца белла совгIатна,
ХIара мохк суна дайх бисна,
Дайн весет санна.


Рецензии