ДIасакъастар

ЦIерпошт а, эххар а мохь тухуш къаьхьа,
Меллаша йолало, со шеца хьош.
Гинехь а, куьг ластош ахь сайна тIаьхьа,
Ца хези-кх ахь аьлла тIаьххьара дош.
 
Хьо юьтуш, дIавахар ца хилла атта,
Цундела бац-кха сан синлазам туьйш…
Чкъургаша рельсаш тIехь мел доккху тата
Хета сайн дог деттадаларх дIауьйш.

ЦIерпошт «Соьлжа-ГIала – Аштаркхне», 1982 шо


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →