Со мича гIур ву сайн кхолламах ведда...
Ирсан дитт жимделла, замано кхедда…
Дехар дарх, мохь бетташ, исс дуьне Iаддол,
Юхнехьа доьрзур дац дахаран татол.
Оьмаран йохаллехь мел IаьIна хеттарш,
Шеконийн тIелхигаш, моьттинарш, хеттарш
Даккхийчу тIулгашха охкало коча,
Ас хоьхку поэзин дин боккхуш воча.
Амма со царах сайн лаг даккха мукъа,
Цхьаццаберш цецбийларх, сих ца ло дукха:
ТерзантIе жамI доккху хан лесташ герга,
Царах хир яц-техьа цхьа-ши-кхо герка?
Победино, 1979 шеран январь
Свидетельство о публикации №111111010421