Цхьана диканна араваьллачунна...

Цхьана диканна араваьллачунна,
И хьагвелча, шийла шовда хилий,
Я наж хилий, IиндагI дарца цунна,
Хьо латталахь, ас доьху хьоь, илли.

Цхьана питанна араваьллачунна,
Хилий стигал буьрса, дера къекъаш,
ДогIа, къора тохалахь ахь цунна,
Я дохк хилий, дIахьулделахь некъаш.

Хоттане, 1973 шо


Рецензии