Iаьнан сибат

Чимаш хиларх кIеда, хаза,
Iа-м ду буьрса, шийла ша.
Генаш хьедо шайн бертаза
Лайно гIорош, дитташа.

Тхов тIехь, махах лачкъа гIерташ,
Хебна Iа цхьа цхьалха къиг.
Йоккху цхьамма шен ков-кертахь
ГIовгIа, тухий ондда диг.

Лаьттан юьхь тIе и кIайн басар
Хьаькхна Iаьно шийлачу…
Салазаш чухоьхкуш басах
Тхан юьртара бераш ду.

Ло дилланза, Iа ца кхочуш
Меттиг йисина а яц.
Механ коча хьерча коча
Чимийн овгалш. Долу дарц…

Хоттане, 1977 шеран декабрь


Рецензии