Шалажи

Са хьоме Шалажи , дай баьхна латта .
Хьоьх хийца карор бац дуьненчохь мохк .
Хьа лаьмний хазалла , хьа к1ентий майралла .
Х1ар дуьне мел деха йаккхалур йац.

Хьа шийла шовдано шелбина кийра.
Кхерамо ша лаьцна цкъа богур бац .
Хьа оьзда мехкарша бохбина кийра.
Дуяненахь и шелба цхьа шело йац.

Са хьоме Шалажи, г1о эшна хьо кхайкхахь.
Нагахь со ца кхачахь хьо ларйа д1а.
Къинт1ера йалалахь Шалажи суна.
Хаалахь са д1ег1ах къаьстина са.

Шай дайша лардина хьа сий ца дайа.
Д1аихна хьа к1ентий ца кхоош са.
Шай дахар , шай синош хьуна д1а делла.
Хьо ларйа шай метта дитина тхо.

Хьо ларйеш кхелхинчу хьай к1ентий дуьхьа.
Хьо ехна АЛЛАХ1Е  хьай наной дуьхьа.
Хьа сий шаьш лардинчу хьай йижри дуьхьа.
Йахалахь Шалажи ас доьху хьоьга.

Нагахь кху замано къаставахь хьоьха.
Дахарехь ба безахь геналли некъ.
Цхьа дехар ду хьоьга са хьоме Шалажи.
Лелар вац хаалахь йицйина хьо.


Рецензии