хьо нохчо вац

Са хьоме Нохчий чоь, са дега илли.
Хьоьх ваьлла дуушдерг ма дуьне дац.
Хьа лаьмний хазалла аьттонах хийцина.
Д1а вахна вехаш верг ма Нохчо вац.

Де доьхна Нохчий чоь лаьттачу дийнахь.
Сий долу къонахий леш болчу дийнахь.
Хьай са ахь кхоийна дахар ахь хаьржинехь.
Мел ву ахь бахарах хьо Нохчо вац .

Г1о эшна кхойкхучун накъост хьоьх  ца хиллехь.
Доттаг1чун тешаме доттаг1 хьоьх ца хиллехь.
Бакххийчу нахаца г1иллакхах хьо воьхнехь.
Ву хьуна моттарах хьо Нохчо вац.

Хьай аьтту сов баьлча куралла ахь гайтахь.
Де доьхна хьо висча собар хьоьхь ца  тоахь .
Хьой лела меттехь ахь Нохчий сий ца лардахь.
Дуьненахь сий долуш хьо вехар вац .

Вай дайша лелийна г1иллакх ахь лар ца дахь.
Вай нена оьзда мот биц бина хьо лелахь.
Хьай са ахь кхоийна осалла ахь гайтахь.
Хьо Нохчо велахь а, хьо къонах  вац.

Атта дац НОХЧО ВУ СО ала хьуна.
И аьлча тоьуш дац, хил еза йахь.
И НОХЧО  боху ц1е къонахех йисна йу.
Уьш санна къонах бе Нохчо хир вац. 


Рецензии
Понравилось!
дика язйина ахьа х1ара стих...

Аза Атагинская   23.08.2013 09:12     Заявить о нарушении
Дел рез хуьл )))

Луиза Азниева   26.08.2013 23:24   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.