къонах

Вай Далла хастам бу хьо нохчо кхолларна.
Иманца, исламца бусалба кхиарна.
Хьай къомах дог лаза къинхетам баларна.
Хьай къома да хила дог майра кхолларна.

Даггара баркалла ду Ахьмад хьуна.
Хьай къома чов ехка къонах хьо хиларна.
И т1ема къизалла тхоьгара д1а эцна.
Нийсачу новкъа ахь дахарна тхо.

Хьо далла тхуначул сов везаш хиларна.
Тхо тахна цхьалха ду, вац тхоьца хьо.
Мел зама д1а йаларх ахь динчу дикано.
Нохчочун вицвала вуьтур вац хьо.

Вицвелчун гайти ахь г1иллакхий хазалла.
Вай  къома сий айдеш дог 1абий ахь.
Хьай къома де доьхча да хилла г1аьттина.
Хьай къома мостаг1чун де дохий ахь.

Вай берий шийла  мохь хезаш бац х1инца.
Вай наной боьлхуш бац де доьхна шай.
Ахь йаьккхин маршонца тхо тахна дехаш ду.
Хьа дуьхьа даха тхо декхаре ду.

Нийсачу новкъа тхо д1а хиттий ахьа .
Цу новкъахь тхо дитна д1а ваха хьо.
Д1а оьху заманца тхо даха дисна ду.
Ахь йитна йовхонца тхо дехар ду. 


Рецензии