Йа Аллах1

Йа Аллах1, Йа Аллах1 хастам бу хьуна.
Иманехь бусалба кхолларна тхо.
Дахарехь тилделла тхай новкъах тхо доьхча.
Къиношна гечдеш ахь къинхетам бо.

Йа Аллах1  тхо лела тхаьш лийрдац моьттуш. 
Кханенга ойла йа ца тоьу хан.
Тхаьш коше хьур доцу х1ар дуьне лоьхуш.
Боданехь  йал йоцуш къаналле г1о.

Къаналло хьовзийча хьо дага вог1ий.
Ц1аьххьана кхералой тохало дог.
Тхаьш безаш лехна чу бахамах кхералой.
Къинхетам хьоь боьхуш тхо хьеста ло.

Йа Аллах1 къинт1ера валахьа тхуна.
Йа Аллах1 гечдехьа къиношна тха.
Йа Аллах1 хьо воцург кхи Дела вац тха.
Дагчура хьо ваьлла ца лелла тхо.

Хастам бу хьуна Йа Аллах1 Дела.
Реза ду ахь йинчу кхеланна тхо.
Йа Аллах1 т1аьххьара хьоь кхойкхуш ду тхо.
Бакъонехь йал лой ахь хьастахьа тхо. 

Кураллех дог лардеш, зуламах куьг лардеш.
Иман тха сов дакке нисдехьа тхо.
Хьой реза воцучу дахарех ца хьегош.
Йа Аллах1 дерза де кханенга тхо.


Рецензии
Молодец, сестренка! замечательное стих-ие!) С уважением, Марьям...

Толдиева Марьям Мувсаевна   14.08.2013 13:13     Заявить о нарушении
Спасибочки сестренка и тебе , рада что понравилось !!!!

Луиза Азниева   16.08.2013 00:24   Заявить о нарушении