Хетачул дукхха а уллехь

Массо хьумаъ мел к1орге ду,
Хетачул дукхха а к1орге.
Зезаган б1аьстенах
Ийначу х1аваъо,
Йохйокха седарчийн алу.
Дитат1ера доьжначу г1ано,
Хуьйдина дийнна цхьа малхбузар.
Тхов йистехь 1идало т1адам,
Бека б1аьстенан аренах.
Лайн чиман серло ловза,
къилбседе буьйсан шанах.
Массо х1ума а ма докхха ду,
Хетачулла а мел уллехь ду.


Рецензии
Вай карахь х1умма а дан а дац- и ойла йоуьйту коьрте хьан байто.
Ларамца.

Аза Атагинская   27.08.2013 01:15     Заявить о нарушении
Аза Дела реза хуьлда хьуна..
хаза хийти суна хьо гина)
Ларамца,

Марти Тамия   30.08.2013 22:22   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.