Дахар

Г1айг1анан къежар халоно дохуш,
Ирсанан елхаро чекхйер ю бохуш,
Цкъа-а цахилларг аьлла ц1е тиллина
Чекх- йоцу аналла ас сица къийлина.
Дахарал яхйелла хили м1аьргонах,
Йожаран г1аттаран рог1а шалхонаш.
Нагахь ас г1оддаг1а ши белаш нисйича,
Тесинчу кхераман б1арлаг1а йитича,
Х1аваъан тулг1ийца маьрша т1ам ойъуш,
Г1аьттича ирсанан Iиндаг1а ойъуш.
Т1е кхетий кхолламо къиза ка тухий
Дег- йовхо човхайой хийла юг1туху.


Рецензии
Почему я этого раньше не читала?
Словно мои мои мысли подслушивала.

Дашо Аргунская   17.12.2011 03:53     Заявить о нарушении