Бойн гуьйре

Хьайн къорза кортали бендоцуш белшаш т1е тесна,
Когаш к1ел биллина дешица кхелина некъ,
К1ажарийн панбархат махаца ловза д1ахецна,
Йог1у хьо йиллина шерашна г1еметтан не1.

Х1инца а ца х1утту и дарцаш хьоь дагар дийца,
Маьлхан товхано ца къарлуш хьо къовсур ю.
Х1инца а зезагийн юьхь-сибат ца далуш хийца,
Къизачу замано хьан куьцан го туьссур бу.


Рецензии
Байт хаз ю .иёшурш к1езг хир букх.

Мутуш Танов   11.03.2012 22:57     Заявить о нарушении
ца йоьшучарна да х1уммаъ дац)
Марша вог1ийла Мутуш.. хаза дош,Далла саг1а дойла.

Марти Тамия   12.03.2012 02:27   Заявить о нарушении
Ца йоьшуш берш иэшамехь бу шуна!

пс. Тамия, сан кхетамехь- "бойн гуьйре"- бабье лето?

Аза Атагинская   04.10.2013 11:53   Заявить о нарушении

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →