Азаллин хьоста

Со х1унда йоьлха те
сайн боцчу балина,
Сайна т1еийзош сайн доцу къа?
Берзина когашца,
т1е юьйлуш алонна,
Чим хилла дагийна дерзина са.

Дуьненан некъашкахь
ас х1унда лоьху те
Азаллехь цкъа гина сирла хьоста?
Кхолламан зераша
и уьйр ца хадийна,
Цу юьртан некъаца йигахь со д1а.


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →