Чуйожа кечъелча санна Iа стигал...
Пепнаша баххьашца сецайо шайн.
Мархаша дIакхаьлли беттасин хингал,
ХIаваэхь лайн чимаш хьаьвзича дайн.
Кехатах тера ю лайн шера аре,
Цунна тIехь хьан ларийн йоза ду гуш.
Ма гIохьа, ма гIохьа къастаре маре,
Дорцо дIахьулдича безаман гIуш.
Сайн дагна дарба деш хьун яцахьара,
Ас муха ловр яра ахь йина чов?
Сан даго ха хорцуш, мох хьаькхча гара,
Ма сиха шелъели хьан беснийн тов…
Хьо юьгуш, баханчу некъа тIе даьлла,
Хьан лараш ягаръеш лайн хьоза го.
Безаман малико, ойлане даьлла,
Оьгучу лайн чимех седарчий до…
Тийналло дIадаьхьча массо а тата,
Со деган гIовгIанца хьун екош ву.
Сан дегIах хьекхалун лайн чимийн гата
Къоьжачу марчонах мел тера ду…
Хоттане, 1981 шеран декабрь
Свидетельство о публикации №110111108574
