Геннара хьан кийра кхета...
Ца Iеми-кх сан деган секхаш:
Марзо а йоьллина чета,
Сан са ду хьо йолчу текхаш.
Хьан кора бухахь ду хаза -
Ца гучохь гIайгIанан гIоьмаш…
Даккхий хьайн еларан заза,
Кхиабе сан ирсан стоьмаш.
Къастаре хьан деган товха
Яккхалур яц хьуна эрча.
БIаьстенан маьркIаже йовха
Сийначу хьан кучах хьерча.
Хьо корехь яц хьуна цхьалха.
Хьажал, хьайн даго хIун хьоьху…
Доьдий хьан куьзганна хьалха,
Сан сино цу чохь хьо лоьху...
Победино, 1980 шеран март
Свидетельство о публикации №110111108501
