Кхерстанчах дIатесна шен можа мохк...
Четара гIаш Iенош, дIайоьду гуьйре.
Вайшиннан безамах хьаьрчина дохк,
Шелъелла марзонаш ца йоьрзу уьйре.
Сайн аьтто мел бели хьан бIаьрхи ган,
Варий со-м месашлахь тIекхеташ кIайн чо.
Сан дагна Iеткъахь а Iодикъяр хьан,
ГIайгIанах ца йоьтти хьан ойла сайнчо.
Ца хаьа, муьлха ду вайшиннах харц,
Хуушехь гIалатло хьаьнгара яьлла.
Я хьалхалерраниг вайший а дац?
Цундела ши кхоллам галморзах баьлла?
Йиш хаьлла кхойкхучохь сатийсам – буо,
Хьо хьайнна йиси, ткъа иштта со – сайнна…
Синошна хаало къастаран хIуо,
Безаман шелделла садеIар санна…
Хоттане, 1981 шеран август
Свидетельство о публикации №110111108491
