Дешнаша кийра цIе йилли...

Дешнаша кийра цIе йилли,
Шайх хуьлуш Iийжаме байташ.
Кхетамехь – геригаш иллин
ГIерта шайн куьцаш схьагайта.

Уллех хьан амат тIехдолу,
Сан синтем Iаь тухий, ластош.
Схьагулдой гIора шен доллу,
Къастаран къиза некъ къастош.

КIеззиг мах хадош сан шовкъан,
Дог лахош, йоьду хьо хIунда?
БIаьрсица хьо йоккхуш новкъа,
Ца лаьа суна-м и тIунда…

Iаьржачу стигалахь батто
Лийчайо седарчийн ваьснаш.
Собаран говзачу матто
Тедо вайн йишхаьлла аьзнаш.

Сайн дешнаш ас хьанна гайта,
Ахь хIинца леринарш хийра?
Шайх хуьлуш гIайгIане байташ,
ЦIе юьллу цара-м сан кийра…

Хоттане, 1981 шеран июль


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →