Де ца тоьу хьан хазалла ган...

Де ца тоьу хьан хазалла ган.
Оьмар тоац хьан дикалла йовза.
ХIора буса суна мел го гIан
ЦIенна хьо схьаохьа дац-кха говза. 

Со дIавахарх хьан сингаттам хьош,
Хьуна ирс а дахьаш юха вогIу...
Сан дог оьцуш, ахь соь аьлла дош,
КIеза санна, суна дуьхьалдогIу. 

ТIе а туьйсуш син IиндагIийн туп,
Шелдан гIерта со хьан беснийн дари...
Амма цунна тIе мел аьлла «хIуп»       
Догу дог сан марсадаккха ларий… 

Хоттане, 1982 шеран май


Рецензии