Хьоьх лаьцна айса ен хьагаме ойланаш, Зайна...
Стихашка ерзийча ас, царех могIанаш дина,
Со ваьлла хир вара яздина цхьа эзар жайна,
Чулацам шайн болуш ца яллал хьо тамаш бина.
Амма со вац хIинца кехат тIехь къоламаш шершош,
Цундела сан байташ яц хьуна цкъачунна хьекъаш:
Хьоьх лаьцна айса ен ойланаш гIулчашка ерзош,
Хьо даим ган хьаьгна, ас толлу хьо лела некъаш.
Марзойн-Мохк, 1978 шеран апрель
Свидетельство о публикации №110111108403
